Товбецан 15-чу дийнахь жамIаш дина молла хаза а, нийса а кхайкхаран Iалашонца Нана-Чечанахь дIабаьхьначу къовсамна.
40 сов дакъалацархо а волуш, жамIашдаран цхьаьнакхетар Чимаев Дукин цIарахчу маьждигехь хилира.
Дешнийн а, мукъаман а нийсалла а къастош, кхелахоша бира дакъалацархошлахь харжам.
Церан сацамца а догIуш, къовсаман жамI иштта хилира:
· 1-ра меттиг — Актамиров Ислам (15 эзар ₽);
· 2-гIа меттиг — Юсупов Сайд-Мохьмад (10 эзар ₽);
· 3-гIа меттиг — Баригов ИбрахIим (5 эзар ₽).
Цул сов, 4-6-гIий меттигаш йаьхна дакъалацархой а къастийра цара:
· 4-гIа меттиг — Чагаев Абу-Бакар (5 эзар ₽);
· 5-гIа меттиг — Цицаев IабдуллахI (5 эзар ₽);
· 6-гIа меттиг — Исаев Мохьмад (5 эзар ₽).
Ахчанца совгIаташ даларал сов, йуьртан имама Баснукаев Мохьмад-Эмина шегара Маххадоран кехаташ а делира царна.
ХIара тайпа къовсам хьалхара хиллехь а, тIаьххьара хир бац! Тахана толаман йа совгIаталлин меттигца шух цхьаверг билгал ца ваьккхинехь а, шайх хIора а толамхо хилар диц а ца деш, молла нийса, хаза кхайкхарца доьзна шайн хаарш тIедузарехь кхидIа а аш къахьоьгийла луур ду суна, — элира цо.
Иштта, Нана-Чечанахь дIахьочу йукъараллин гIуллакхашна а, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорна а, йуьртан хьашташ кхочушдарна а накъосталла деш болу цхьамогIа нах Баркаллин кехаташца а билгалбехира имама.
Веза хьаша а волуш, къовсамна жамIашдарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин Парламентан депутат Элембаев Iалихан а, гIоьналлин «Даймохк» фондан куьйгалхо Закриев Хьамзат а хилла хилар билгалдаккха догIу.